18+
Специальная версия

Оханан беттан ткъе кхоалг1ачу дийнахь МБОУ «Ахьмад-Хьаьжин ц1арах йолу Шелковски-г1алара №4 школехь Нохчийн меттан денна лерина д1айаьхьира 6 «б» классехь йиллина урок...

Оханан беттан ткъе кхоалг1ачу дийнахь МБОУ «Ахьмад-Хьаьжин ц1арах йолу Шелковски-г1алара №4 школехь Нохчийн меттан денна лерина д1айаьхьира 6 «б» классехь йиллина урок «Хандош»
️И урок кечйинарг йара нохчийн меттан хьакъйолу хьехархо Хангериева Ж.В.
Шен урокехь цо тайп-тайпана белхаш бира дешархошца: тобанашца, т1едахкарш долчу кехаташца, классан уьна т1ехь д1адаьхьира къовсадалар, долийна дешнаш чекхдохура дешархоша, иштта догдаийтаран муьрехь Китайх лаьцна факташ а йийцира.
Хьехархочо йукъайалош йолу кепаш урокийн лехамашца йог1уш йара. Хаарш талларан технологех пайдаэца говза йара хьехархо.
09:56 29.04.2025 16+
279

Оставить сообщение: